5-чу классехь йиллина урок елира нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Гехаева Я.А.

25.01.2020
5-чу классехь йиллина урок елира нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Гехаева Я.А. Урокан тема яра: Сулаев Мохьмад Абуевичан кхолларалла; "Ламанан хи" стихотворени. Урокан 1алашонаш яра: ешаре ойла кхиор, Даймохк мел сийлахь бу, и мел беза беза, ларбан безийла хаийтар. Хьехархо ша юьхьарлаьцначу 1алашонашка кхечира. Урок д1аяьхьира ФГОС-н лехамашца дог1уш: кроссворд яр, кицанаш, х1етал-металш далорца, синквейн ярца. Баркалла 🌹🌹🌹