Йоккхачу Атаг1ара #3 йолчу ишколан хьехархочун Хагаева Пет1аматан 5-чу "Д" классехь нохчийн литературин йиллина урок.
23.01.2020
Йоккхачу Атаг1ара #3 йолчу ишколан хьехархочун Хагаева Пет1аматан 5-чу "Д" классехь нохчийн литературин йиллина урок.
Урокан 1алашонаш яра, ешаре ойла кхиор а, нана мел сийлахь а, еза а юй, иза ларъян езий а хаийтар. Хьехархо ша юьхьарлаьцначу 1алашонашка кхечира.
Урок д1аехьира ФГОС-н лехамашца дог1уш: "ч1еран даь1ахк" юзарца, синквейн язъярца, кицанаш далорца.
Баркалла ала лаьа хьехархочунна а, 5"Д" классан дешархошна а!